OpenStreetMap-ан логотип OpenStreetMap

Тобаш

Дерриг а дуьнентӀера наха дакъа лоцу йа лелайо OpenStreetMap. Дукхачара цхьацца дакъалоцуш хилча, вукхара йукъараллаш кхоьллина. И тобанаш тайп-тайпана барамашкахь йу, ткъа географин регионаш гойту кегийчу гӀаланашкара масех пачхьалкх йолчу яккхийчу регионашка кхаччалц. Уьш формалан а, формалан йоцу а хила тарло.

Меттигер дакъанаш

Меттигера дакъанаш — пачхьалкхан йа регионан тӀегӀанехь йолу тобанаш йу, формалан гӀулч яьккхина коммерцин йоцу юридикан юкъараллаш кхоьллна. Цара гойту меттигерчу Ӏедалца а, бизнесца а, хаамийн гӀирсашца а болх бечу хенахь меттиган карта а, карта хӀоттош берш а. Иштта цара уьйр кхоьллина OpenStreetMap Foundation (OSMF) цӀе йолчу фондаца, царна низаман а, авторийн бакъонаш ларъечу органан зIе а луш.

Меттигера дакъанаш формалан кепара кхоьллина йу, йукъараллаш санна:

Кхин тобанаш

Меттигерчу дакъанаша цхьана барамехь формалан кепара тоба кхолла оьшуш дац. Баккъалла а дуккха а тобанаш йу чӀогӀа кхиамца адамийн формалан доцу гулам санна йа юкъараллин тоба санна. Муьлххачу а стеган йиш йу уьш дӀахӀитто йа дӀакхета. Кхин дӀа еша Йукъараллаш вики агӀо тӀехь.